О семинаре, посвященном чеченскому языку, проведенном в СШ №5 (на чеченском языке)
2026 шеран бекарг беттан 31-чу дийнахь Ойсхара -ГIалара К.Л.Тепсуевн ц1арах №5 йолчу йуккъерачу ишколехь дIайаьхьира "Нохчийн меттан пачхьалкхан коьрта экзаменна кечамбаран дикалла а, йешаран т1ег1ан дикалла а лакхайаккхар, меттан функцин говзалла лакхайаккхар" цIе йолу практически семинар.
Семинаре кхайкхина бара Гуьмсан муниципальни кIоштан ишколашкара нохчийн меттан, литературин хьехархой.
Хьехархочо Хасанова Абусаидан Есирата йелира 6-чу классехь "Хандешан билгалза кеп" тема йолу нохчийн меттан урок.
Хьехархочо Габаев Лечин Лоьмас 9-чу классехь йелира "Мамакаев Шамсуддин 1арбин "Нохчийн лаьмнашкахь" поэма" темица урок.
КIоштахь а, республикехь а дика бевзаш, шайн балха тlехь зеделларг долуш болчу хьехархоша лаккхара мах хадийра урокашкахь дешархошца цхьаьна къахьоьгуш белхаш биначу хьехархойн.
Семинарехь къамел дира кIоштан дешаран урхаллин методикин кхачойаран отделан методисто Салманиева Султанан Индирас, Гуьмсан к1оштан методикин цхьанакхетаран куьйгалхочо Абдуразаков Ибрех1иман Шертбека а. Цара дийцира пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамбаран башхаллех лаьцна а, урокан рефлексин мах хадоран этапехь хуьлуш йолчу технологех, методех лаьцна а.
Школан куьйгалхочо Асаева 1арбин Жейранас даггара баркалла элира хьешашна шаьш долчу бахкарна а, урокийн иштта лакхара мах хадорна а.
Нохчийн мотт ларарехь, цуьнга болу безам кхиорехь йеш йолу муьлхха а мероприяти шайна мехала хетарх лаьцна дийцира цо. ИбрехIиман Шертбека а, Султанан Индирас а баркалла элира ишколан куьйгалхошна семинар вовшахтохарна а, дIайахьаран хьелаш кхолларна а.